Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Государственный колледж дизайна, моды, пищевой индустрии и сервиса"

25-г1а апрель-нохчийн меттан де!

26.04.2021

25-г1а апрель-нохчийн меттан де!Хууш ма-хиллара, Нохчийн Республикин куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу шарахь шен Указаца д1акхайкхина 25-г1а апрель, нохчийн меттан де ду аьлла.ХIора шарахь республикехь дIахьо нохчийн мотт Iалашбарна, кхиорна лерина йолу конкурсаш, конференцеш, фестивалаш, форумаш.Тахан ПБКДХЬ «Дизайнан а,модийн а,кхачанан индустрин а,сервисан апачхьалкхан колледжехь» д1аяьхьара цу исбаьхьачу денна лерина концерт.Нохчийн мотт вайн халкъан коьрта билгало ю, вайн къоман бух бу. ХIора а нохчичун сийлахь декхар ду суна шен мотт ларбар, Iалашбар, кхиор, шен къоман истори, культура евзаш-езаш хилар.