Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Государственный колледж дизайна, моды, пищевой индустрии и сервиса"

«Нохчийн меттан говзанча- 2024»

30.05.2024

Государственное бюджетное профессиональное образовательное учреждение "Государственный колледж дизайна, моды, пищевой индустрии и сервиса"

Лараме хьехархой, дешархой! Нохчийн Республикин Дешаран а, Ӏилманан а министерство дӀабаьхьира «Нохчийн меттан говзанча- 2024» цӀе йолу Республикин къовсам. Къовсаман Ӏалашонаш: – нохчийн мотт Ӏалашбар а, кхиор а, цуьнан сий лакхадаккхар а, Нохчийн Республикин пачхьалкхан мотт а, нохчийн историн, культурин синъоьздангалле кхачоран гӀирс а иза хиларе терра; – нохчийн матте болу безам а, цунах вайн дахарехь пайдаэцар а совдаккхар, шуьйра йукъаралла нохчийн маттах долчу хаарийн мехаллех кхетор; – ненан маттехула халкъан синмехаллаш йаржор а, чӀагӀйар а. Цу къовсамехь дакъалоцуш йара ПБКДХЬ " Дизайнан а, модийн а, кхачанан индустрин а, сервисан а пачхьалкхан колледжан" дешархо Эльмурзаева Камила. Нохчийн мотт кхиорна а, Ӏалашбарна а, ткъа иштта, республикин «Нохчийн меттан говзанча-2024» конкурсехь жигара дакъа лацар тидаме лаьцна вайн колледжан векал. Эльмурзаева Камилина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмат-Хьаьжин (Дала г1азот къобалдойла Цуьнан!) цӀарахчу фондера ахча а, иштта Сийлаллин Грамотца совгӀат дина. Колледжан куьйгалло а, хьехархойн коллективо а, студенташа а даггара хазхетарца тӀеийцира и хаза кхаъ. Камила, Дала аьтто бойла хьан! Дала кхин а баккхийчу кхиамашка кхачош, Ӏилманехь совйоккхийла хьо! Колледжан куьйгалхочо а, белхалоша а даггара баркалла боху Нохчийн Республикин Мехк-Дена Кадыров Рамзанна а, Кадыров Ахьмат-Хьаьжин цӀарахчу фондан Президентана Кадырова Айманина. Дала къобал дойла аш мел дохуш долу саг1анаш! Дала диканца бекхам бойла шуна! Дела реза хуьлда шуна! Дала т1аьхье беркате йойла!